1654 шо
Навигацин тӀегӀо
Лахарна тӀегӀо
Кеп:Alsonumber Кеп:Шеран навигаци Кеп:БӀешеран навигаци Кеп:Шо кхечу рузманашкахь Кеп:Иштта Кеп:Долало шо
Хиламаш
Малхбуза а, Йуккъера а Европа
- 15 апрель — ингалсан а, Голландин а йукъара Вестминстеран машар, цуо къобал дина «Навигацин акт», 1611 шарахь дуьйна ингалсан Ост-ХӀиндан компанин йина харж метахӀотто декхар тӀелаьцна.
- 7 июнь — французийн паччахьан Людовик XIV-гӀачун таж тиллина.
- 3 сентябрь — британин парламент гулйина[1].
- ингалс-португалийн махлелоран барт, цуо таро йелла ингалсхошна махлело ХӀиндехь а, ХӀиндонезехь а.
- Шотланди, Ирланди, Ингалс пачхьалкхаш цхьаьнатохарх ордонанс. 3 сентябрь — Парламент гулйар. Шеконе йехкина протекторан конституцин бакъонаш. Йукъара ницкъала дӀаваьккхина бӀе сов депутат.
- 1654—1660 — Швецин паччахь Карл X Густав.
- Элийн, шайн куьйгакӀеларчарна,тӀеман хьашташна меттигерчу ландтагаш чӀагӀ ца йеш налогаш тохаран бакъонех рейхстаган сацам.
- Пхьолан а, махлелоран тӀиера Чехех налогаш хӀиттор.

Малхбален Европа
- 8 январь — Переяславлан Радо болх дӀаболор. Украина Российца цхьаьнакхетарах сацам. Хмельницкий Богдана а, гӀазакхаллин векалийн дакъано а дуьй баарца чӀагӀбира Оьрсийн пачхьалкхаца барт. Зударий а, лайш а боцуш, 127 328 гӀазакхийчо байӀат дина оьрсийн паччахьна.
- 9 январь — Переяславлан Радан болх чекхбалар.
- Январь — Йерриг европин мехкашка Украина Российца цхьаьнакхетарх хаамца вакилаташ хьажийна.
- Февраль — Москоха, Украинин ГӀазакхийн Пачхьалкх Российн Паччахьаллин йукъайахаран хьолех, барт бан хьажийна вакилат. Хмельницкий Богданан йаззамаш а, оьрсийн урхаллин дехаран грамоташ а.
- Май — дуьйладелла Российн а, Польшин а тӀемаш.
- 1654—1667 — оьрсийн-полякийн тӀом.
- 1654—1655 — оьрсийн эскаран кхиамаш. Дорогобужск, Рославль, Смоленск, Могилёв, Витебск, Минск, Вильно, Гродно йаккхар.
- Июль — Польшин барт гӀирманан гӀезалошца.
- 16 сентябрь — Литвагара (Речь Посполитигара) Смоленск йаккхар.
- ДингӀуллакххойн гулам, Никонан хийцамаш къобалбар. Бекъабаларан йуьхьиг.
- Аргунь, Селенга, Ингода эркаш дӀаделлар.
- Йиллина Иргенан набахте
- Матвеев А. С. кхийсархойн хьаькам а, полковник а хӀоттор.
- ЦӀестан ахсом зорба тоха долор.
- Ф.Байковн вакилат Цийчу хьажйар.
Ази
- 1654—1657 — Байков Фёдоран Цийчу оьрсийн вакилат.
- Чжэн Чэнгунан 800 кема Янцзы чухула хьала а деина, десант а кхоьссина гуо бира Нанкинна. Маньчжураша кхерам тесира гӀалара берриг цийхой хӀаллакбан. Чжэн Чэнгунан флот хӀорд чу йахара.
Америка
- Декабрь — Вест-Инде хьажийра ингалсан тӀеман экспедици.
- Португалхоша Ресиф йаккхар — Бразилера голландхойн тӀаьххьара чӀагӀйина пункт.
- 26 апрель — Бразилера арабаьхна берриг жуьгтий.
Ӏилма, техника, технологи
- Немцойн физик, инженер, философ Отто фон Герике (1602—1686) шерашкахь йира йевза эксперимент Магдебурган эхигашца — «шиъ цӀеста эхиг диаметрехь 14 дюйм (35.5 см) гергга, йукъахь йаьсса, вовшенна тӀеттӀа таӀийна». Чура хӀаваъ арадаьккхича, говрашка вовшах ца даккхалора сфера, уьш тӀеттӀа латийна арахьара хӀаваан Ӏаткъамо бен йоцушехь.
- Гюйгенс Христиан (1629—1695) зорба тоьхна шен белхан «Гонасизан барам билгалбаккхар», цунах хилира гонасизан диаметран йукъаметтиг билгалйаккхаран теорин ладаме дакъа лацар ( терахь лара).
- Ингалсхочо Роберт Биссакера (Robert Bissaker, цуьнца воьзна воцуш 1657 шарахь — Сет Партриджа, Seth Partridge) карлайаьккхина логарифмийн сизар (тӀетоьхна бегунок)[2].
Бина
Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1654 шарахь
- 4 май — Канси, Цийчоьнан император 1662 (велла 1722).
- 23 июнь — Огинский Григорий, Литван сийлахь гетман.
- 30 июль — Голицын, Борис Алексеевич.
Белла
Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1654 шарах
- 13 январь — Януш Кишка, Литван сийлахь гетман
- 11 август — Боголеп Черноярский, сийлахь кӀант-ниятдинарг.
- 12 октябрь — Фабрициус, Карел, нидерландийн исбаьхьалча, велла тоьпан молхан ларма иккхина Делфтехь (Нидерландаш).
Хьажа кхин а
Кеп:Гергара проекташ Кеп:АгӀонийн дитт
Билгалдахарш
- ↑ СИЭ т. 1 — С. 504.
- ↑ Кеп:Cite web