Юлианан рузма

testwiki чуьра гӀирс
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Кеп:Рузманаш Кеп:Юлианан рузма Тахана Юлиа́нан рузма — коьртехь Созиген волуш искандрийн астрономийн тобано йина йолу рузма. Рузман цӀе тиллина Юлий Цезаран сий деш. Цуьнан омарца йукъайаьккхина Руман имперехь Кеп:ЮГР вайн эрал 45 шо хьалха. Юлианан рузманца шо долало Кеп:ЮГР, хӀунда аьлчи оцу дийнахь вайн эрал 153 шо хьалха дуьйна комицеш хаьржина консулаш шайн дарже кхочура[1].

Юлианан рузмано хийцина шира руман рузма, иза Эллинийн Мисаран астрономин оьздангаллан бух тӀехь йина йара. Киевн Русехь рузманах олура «Дуьнекхолларан гуо», «Килсан гуо», индикт, «Сийлахь-йоккха индиктион»[2].

Юлианан рузманах таханлерачу Россехь шира оьмар олу.

Юлианан рузма йукъайаккхар

Юлианан рузма йукъайаьккхина эдикта Юлий Цезара, цуьнан заманарчу руман рузман бух тӀетевжина йара. Руман рузманахь шийтта бутт бара, дерриг 355 де а долуш. Иза шерал 10 де сов кӀезиг йолундела, хан хене мел йолу 23 февраль чекхдаьлчи кхин тӀе бутт тохара (Mensis Intercalaris). Кхин тӀе бутт тохаран сацам бора понтифика. Кегаре болучу хенахь иза рожехь цанислора, цул сов, понтифика цкъацца сацам бора политикин хьоле хьожжий, цхьацца консулийн урхалла дахдархьама (ши консул хоржура цхьаьна шеран, урхалла дора январера вукха шеран январь кхаччалц).

Цезарь Ӏедале вогӀуш рузман терахьаш хаъал къаьсташ дара йолчу шеран заманех. Вайн эрал 46 шо хьалха Цезара рузман хийцам бира, Ӏалашо йара рузма шеран заманашца нисйар а, иштта баланаш тӀаьхьа ца хилийтар а. Цезара хийцира рузма, беттан бохалла а хийцина, уьш вовшахтоьхчи 365 де кхочур долуш. Деа шарахь цкъа, 23 февраль чекхдаьлчи цхьа де тӀетухуш хилла. Плинийс йаздо, и хийцам бинера искандрийн астрономан Созигенан гӀоьнца. Рузма йолийра вайн эрал 45 шо хьалха 1 январехь.

Рузма шеран заманашца нисйархьама, Цезара тӀетуьйхира кхин 67 де ноябрний, декабрний йукъа ши бутт хӀоттийна (Intercalaris Prior а, Intercalaris Posterior а). Mensis Intercalaris цхьаьна вайн эрал хьалхара 46 шеран дохалла 445 де дара.

Цезара хийцира квинтилис (Quintilis) бутт шен сийнна, Iulius (июль) цӀе тиллина. ТӀаьхьа масех императоро беттанашна шайн цӀераш елира, амма, июль боцуш, август бен ца йисира тахане кхаччалц.

Руман а, юлианан а рузманера денойн барам

Руман рузма кхаа дийнах цхьаъ йуханехьа дагардаран бух тӀехь йара, царех календ (беттан хьалхара де), нон (беттан доьалгӀа дакъа) йа ид (беттан йукъ) олура. Мартехь, майхь, июлехь, октябрехь идаш беттан 15-гӀа деношкахь хуьлура, ткъа нонаш — 7-гӀа дийнахь, бисинчу беттанашкахь — 13-гӀа а, 5-гӀа а деношкахь ший а. Терахь йуханехьа дагардора уллерчу календан, идан, йа нонан тӀиера; иштта апрелан хьалхара дийнах апрелан календаш олура, мартан тӀаьххьара де — апрелан календел хьалхара денош (Pridie Kal Apriles), мартан тӀеххьарчул хьалхарчу дийнах — апрелан календ кхача кхоалгӀа де, иштта дӀа. Иштта терахьаш билгалдахар дукха лаьттира юлианан рузманехь.

Йуккъера бӀешераш доладелира вай доьлла беттан массо а деношна лоьмар хӀоттийна йолу чот лелоран система. Тахана иштта система массанхьа лелош йу, руман терахьийн система йукъара дӀайаьлла.

Юлианан рузман структура

Юлианан рузманехь кхо шо лаьтта 365 дийнах, декъало 12 беттан. 4 шарахь цкъа кхайкхадо високосан шо, оцу шарахь цхьа де сов ду — Кеп:ЮГР (цул хьалха тера система йинера Дионисийн зодиакан рузмехь). Иштта, юлианан шо лаьтта йуккъера барам 365,25 дийнахь, из адеха хуьлу тропикийн шарал (йуккъера барам — 365 де 5 сахьт 48 минот 45,19 секунда) 11 минот а, 15 секунда а.

365,25=365+0,25=365+14

Юлианан рузманехь шераш хуьлу високосан а, високосан доцуш а; шеран хьалхара де ворхӀаннах муьлхханиг а хила тарло оршот тӀиера кӀиранде кхаччалц. Цара цхьаьна ло рузман Кеп:S вариант.

Беттанаш

Куьйга пӀелгийн голашца чот лелор: «тӀейаьлларг» — 31 де, «чутаьӀнарг» — 30 де (февралан 29 йа 28 де)
Бутт Денойн барам
1 Январь 31
2 Февраль 28 (високосан шарахь — 29)
3 Март 31
4 Апрель 30
5 Май 31
6 Июнь 30
7 Июль 31
8 Август 31
9 Сентябрь 30
10 Октябрь 31
11 Ноябрь 30
12 Декабрь 31

Беттан денойн барам дагахь латтон бакъо

Беттан денойн барам дагахь латтош цхьа атта агӀо бу — «куьйган даьӀахкийн бакъо».

Лакхарчу суьртан тӀехь ма-гайттара, куьйган керайукъ бухахь йолуш буй а бина ши куьг цхьанатоьхчи, тӀеевллачу куьйган пӀелгийн голашца а, церан яккъашца а хаало мас де ду баттахь. Иза хаархьама январь тӀиера волавелла беттанаш дагардан деза, даьӀахкаш а, церан яккъаш а йагарйеш. Январан кхочу дуьххьара даьӀахк (бутт — 31 де), февралан шина даьӀахкан йукъ кхочу (боца бутт), мартан — даьӀахк, иштта дӀа. Хьалхий тӀехьий богӀу беха ши бутт — июль а, август а — нисло лулахь йолчу шина куьйган йисттерачу даьӀахкашна тӀе (шина буьйнан йукъ лоруш йац).

Кхин а йу мнемонин бакъо «Ап-юн-сен-но». Оцу дешан дешадакъано гойту беттийн 30 дийнах лаьттачу беттийн цӀераш. Хууш ду, февралехь шере хьаьжжина 28 йа 29 де дуй. Ткъа дисинчеран 31 денош ду. ХӀара бакъо атта хилар куьйган даьӀахкаш ягарйан ца йезар ду.

Юлианан рузма Русехь

Русехь йара масех тайп-тайпана рузман оьмар, иза доьзна дара византийн рузманца шо 1 сентябрехь долалуш хиларца, ткъа малхбален славянаш керсталла тӀеоьцуш ца хийцира шира рузманца шо мартехь доладалар.

Византийн шо доладаларах сентябран оьмар олура, ткъа шолгӀачу шеран мартехь доладаларх (аьлчи а, византийн шерал ах шо тӀаьхьа) – мартан оьмар. Мартан шо сентябран шерал ах шо хьалха лелош йолу рузманах ультрамартан оьмар олура. XII бӀешо кхаччалц Русехь алсама лелайора мартан оьмар, ткъа XII—XIII бӀешерашкахь шуьйра лелон йолийра ультрамартан оьмар. 1492 шарахь дуьйна алсамделира сентябран шо лелор, ший а мартан шераш долу рузма аратеттина.

Историн тептарш карладохуш болчара рузман дехьа-сехьа бовлар лелон тарлора, керлачу рузманца терахьаш нисдеш. Иштта кхетадо тайп-тайпанчу тептаршкарчу хронологи цхьа-ши шо галйалар.

Григорианан рузмано арататтар

Кеп:Хьажа иштта

Советийн «Российн республикехь малхбузаевропин рузма йукъайаккхаран декрет»
1919 шеран 25 июнь Харьков гӀалара «кӀайчу» гарнизонера омар: кханалера де лара Кеп:ЮГР григорианан рузман тӀиера юлианан рузман тӀедовлар бахьнехь

Юлианан рузманехь 365 1/4 де ду, иза 11 минот сов деха ду мелхантропикан») шарал, хӀора 128 шо даьлчи тӀекхета совнаха цхьа де. Иза бахьнехь, масала, Ӏийса пайхӀамар вина де, дуьхьанца нислуш хилла Ӏаьнан малхлаттарца, тӀаьхь-тӀаьхьа бӀаьстенга дӀахуьлу. Уггар боккха бала бора бӀаьстенан де-буьйса нисдаларо, оцу тӀера дагардо Пасха. Юлианан рузманехь Пасхан ден чот йан бӀаьстенан де-буьйса нисдаларан терахь тӀеэцна 21 март, XVI бӀешарахь бӀаьстенан де-буьйса нисдалар итт де хьалха хуьлура. Башхалла хааелира шолгӀа эзар шераш долалуш, ийшира рузма нисйар, амма 1582 шарахь бен папас Григорий XIII-гӀачо арабаьккхира рузман тӀехь хийцамаш баран хӀоттам. Шен цӀе григорианан хиллачу керлачу рузманехь кӀезга дира висакосан шераш, Пасхан де лоруш керла формула ялийра. БӀаьстенан де-буьйса нисдалар 21 марте далорхьама 10 де йукъара даьккхира, 1582 шеран Кеп:ЮГК тӀаьхьадогӀу де кхайкхийра Кеп:ЮГК.

Протестантийн пачхьалкхаш йитира юлианан рузма кӀег-кӀезиг йуьтуш, XVIIXVIIӀ бӀешерашкахь; тӀаьххьарниг хилира Йоккха Британи (1752 шо) а, Швеци а.

Россехь григорианан рузма йукъайаьккхина Кеп:ЮГК 1918 шеран В. И. Ленина куьг йаздинчу Совхалкъкоман декретаца[3].

ТӀаьххьара григорианан рузман тӀеелира Желтойчоь 1924 шарахь, Туркойчоь 1926 шарахь, Мисар 1928 шарахь[4].

Юлианан рузма динехь

Православехь

Кеп:Хьажа иштта Тахана юлианан рузма лелайо цхьайолчу меттигерачу православин килсанаш: Иерусалиман, Оьрсийн, Сербийн, Гуьржийн. Иштта юлианан рузма лелайо дукха йолу канонера йоцучу юрисдикцеш.

2014 шеран 15 июнехь юлианан рузман тӀейаьлла (нийса аьлчи, йуха а еана цунна тӀе) Польшин православин килса[5][6].

Цул сов, иза лелайо цхьайолчу килсанаш кхечу Европин пачхьалкхашкахула, ткъа иштта АЦШхь, Афонан (Константинополан патриархат) килсанаша а, кхечу кхолламаша а, цхьайолчу Румынин православин килсан (Бессарабийн митрополи[7] а, Украинин викариаталла[8] а) епархеш, грекийн шираоьмар лелочара, кхин а 1920-гӀа шерашкахь керлаюлианан рузма дехьабовлар тӀе ца эцна шираоьмарехь болчеран Элладин килса а, кхин килсанаш а.

Амма массо а, керла рузма тӀеэцна православин килсанаша, Финляндин килса йоцург, — хьалха санна лору Пасхан де даздар а, Ӏиданаш а, Пасхан терахьех дозу кхин терахьаш а — Александрийн пасхалица а, юлианан рузманца а.

Католицизм

Юлианан рузма лелайо меттигерачу Украинин грекан-католикийн килсано (Украинин диаспоран приходаш дӀайаьхчихьа) а, Российн грекан-католикийн килсано а, уьш йу малхбален католикийн 22 килсана йукъара.

Юлианан а, григорианан а рузманийн терахьашна йукъара башхалла

Кеп:Also Юлианан а, григорианан а рузманийн терахьашна йукъара башхалла тӀехь-тӀехьа сов йолуш йу високосан шераш цхьаьнаэшшара цахиларна: юлианан рузманехь високосан дерриг деанна декъалуш долу (4 буха хӀума а ца дуьсуш декъалуш долу) шераш ду. Григорианан рузманехь шо високосан хуьлу, нагахь иза 4 декъалахь, амма шераш, иштта 100 декъалуш долу, високосан хуьлу, нагахь уьш иштта 400 декъалахь. Иштта, 1 де сов довлу денош рузманашна йукъара, догӀу бӀешо чекхдолучу лоьмар 100 йекъалуш долу, ткъа 400 йекъа ца луш долчу шеран Кеп:ЮР.

Терахь Кеп:ЮГР юлианан рузманца нийса хуьлу григорианан рузманера 1582 шеран Кеп:ЮГР терахьца; дисина муьрийн терахьаш нийса ду терахьашца Кеп:ЮГРКеп:ЮГР юлианан рузманца.

Юлианан рузман а, григорианан рузман а терахьийн башхалла муьрашца[9][10][11][12]:

Башхалла, денойн Мур (юлианан рузманца) Мур (григорианан рузманца)
10 5 октябрь 1582 — 29 февраль 1700 15 октябрь 1582 — 11 март 1700
11 1 март 1700 — 29 февраль 1800 12 март 1700 — 12 март 1800
12 1 март 1800 — 29 февраль 1900 13 март 1800 — 13 март 1900
13 1 март 1900 — 29 февраль 2100 14 март 1900 — 14 март 2100
14 1 март 2100 — 29 февраль 2200 15 март 2100 — 15 март 2200
15 1 март 2200 — 29 февраль 2300 16 март 2200 — 16 март 2300

Юлианан а, григорианан а рузманашна йукъара башхалла сов мел ели, юлианан рузма лелош йолу православин килсанаша, 2101 шарахь дуьйна, Ӏийса пайхӀамар вина де 7 январехь даздийр дац, XX—XXI бӀешерашкахь санна, ткъа 8 январехь даздийр ду, делахь а литургин рузманехь и де нийса хир ду Кеп:ЮГР (ширачу оьмарца)[13].

Хьажа иштта

Кеп:АгӀонийн дитт

Билгалдахарш

Кеп:Билгалдахарш

Хьажоргаш

Кеп:Дустаран барамаш а, хенан стандарташ а Кеп:Юлианан шеран рузма