Галактика

testwiki чуьра гӀирс
Верси 2024, 6 май, 21:16; imported>InternetArchiveBot (Rescuing 2 sources and tagging 0 as dead.) #IABot (v2.0.9.5)
(башхалла) ← Хьалхара | Карара верси (башхалла) | РогӀера → (башхалла)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Кеп:About

[[Файл:NGC 4414 (NASA-med).jpg|мини|300пкс|[[NGCКеп:Nbsp4414|NGC 4414]], диаметр 17Кеп:Nbspкилопарсек гергга йолу, Дуьненна 20Кеп:Nbspмегапарсек гергга гена йолу Вероникин месаш седарчийн гуламера спиралан галактика]].

Гала́ктика (Кеп:Lang-grc «Ча такхийна тача»[1] схьадаьлла Кеп:Lang-grc «ча») — гравитацица-уьйран седарчех, седин гуламех, седарчашна йукъара газах а, ченах, бодане матерех, планетех лаьтта система. Галактикина йукъара йерриг объекташа дакъа лоцу йукъара массийн центран гуонахьара боламехь[2]Кеп:Sfn[3].

Йерриг галактикаш (вайниг йоцург) — чӀогӀа генара астрономин объекташ йу. Уггаре гергарчунна тӀе йолу йукъаметтиг йусту мегапарсекашкахь, ткъа генарчунна — цӀен дӀатаӀарцаКеп:NbspКеп:MathКеп:Nbsp. 2022 шарахь йевза уггаре генара галактика CEERS-93316 йу. Стиглахь гӀирс боцу бӀаьргаца ган таро йу йиъ галактика: Андромедин галактика (го къилбаседин эхигехь), Йоккха а, Жима а Магелланан Мархаш (го къилба эхигехь; вайн Галактикин спутник йу), Кхосаберг седарчийн гуламера М33 галактика (къилбаседа эхигера го серлайаланза стиглахь)[4].

Гуш долу Ӏаламера галактикин берриг барам билггала хууш бац. 1990-гӀа шерашкахь, космосан «Хаббл» телескопаца, лерира, йерриг йолу галактика 100 миллиард гергга хилар[5]. 2016 шарахь йуха мах хадийра ши триллион[6] гергга аьлла. 2021 шарахь космосан New Horizons аппарато белла керлачу хаамашца, хӀинца йу масех бӀе миллиард[7] галактика.

Ӏаламехь галактикаш цхьабосса ца йекъна: цхьаьна областехь ган тарло дийнна тоба гергара галактикашКеп:Дехьадалар, ткъа цхьан а ца ган а тарло (царех олу войдаш).

XX бӀешо кхаччалц аьтту ца балара шеш долу седарчашка кхаччалц галактикийн суьрташ даха. 1990-гӀа шерашна йуьххьехь шеш седарчий ган аьтту баьлла 30 гергга галактика йагарйора, уьш йерриш йукъайоьдура Меттигера тобанна. Космосан телескоп «Хаббл» хьалахецчул а, 10 метр йеха лаьттан тӀера телескоп а йинчул тӀаьхьа дика гун галактикийн барам цӀеххьана тӀекхийтира.

Галлактикаш тайп-тайпана хуьлу: эллиптически, дискан спиралан, спиралан перемычкица, линзах тӀера, кеги, нийса йоцу кепахь, и. к. д. Цера йозалла ю 107 дуьна 1012 кхаччалц Маьлхан йозалла. Вайн галактикин йозалла ю 2х1011 Маьлхан йозалла. Галактикашан йоккхалла хуьлу 5 — 250 килопарсек (16 — 800 эзар серлонан шо). Вайн галактикан диаметр ю 30 килопарсек (100 эзар серлонан шо). 2012 шарахь евзуш хила массарелла йоккха галактика IC 1101 ю 600 килопарсек[8].

Ӏаьржа материн йозалла хила тарло галактикан йозаллин 90 % кхочуш, я цхьайолу жима галактикашкахь санна цахила а тарло[9].

Галактикаш цхьанабараме дӀасаяржина йац: цхьайолу метташкахь уьш шортта хуьлу, кхоьчу метташкахь уьш цхьаа ца хуьлу (иштта метташках олу войд). Массо а галактика маса ю хууш дац. Схьахетарех уьш цхьа бӀе миллиард ю (1011)[5].

Галактикаш тайп-тайпана хуьлу: царна йукъахь билгалйаккха тарло сферинкепара эллиан галактикаш, экъанан спиралан галактикаш, тӀай долу галактикаш), линзакепара, буйдолан, нийса йоцу, иштта кхин аКеп:Дехьадалар. Нагахь терхьех лаьцна дийцахь, тӀаккха, масала, церан масса хийцало Маьлхан масса 0,5 Кеп:E тӀера буйдолан галактикин (Segue 2 саннарш) Маьлхан масса 2,5Кеп:E кхаччалц тӀехгигантан галактикин (масала IC 1101 саннарш), дуста далийча — вайн Ча такхийна тача галактикин масса йу Маьлхан 2Кеп:E масса.

Галактикийн диаметр — 5 тӀера 250 кхаччалц килопарсекКеп:Sfn йу (16—800 эзар серлонан шо), дуьстича — вайн галактикин диаметр йу 30 килопарсек гергга (100 эзар серлонан шо). Йевза уггаре йоккха (2021 шарахь) галактика [[ICКеп:Nbsp1101|IC 1101]] диаметрехь 600 килопарсек сов йу[10]Кеп:Дехьадалар.

Галактикин хӀоттамах хиина боцу цхьа бала бу бодане матери, цуо гойту ша гравитацин вовшийгӀодарехь. Иза хила тарло 90 % кхаччалц галактикин йерриг массех, хилне ца хила а тарло, цхьацца буйдолан галактикашкахь санна[11]Кеп:Дехьадалар.

Этимологи

«Галактика» (Кеп:Lang-grc) дош догӀуш ду Ча Такхийна Тачан грекийн цӀарах (Кеп:Lang-grc2 — «шуран го»)[12].

Тергонаш

Галактикаш Ӏаморан истори

1610 шарахь Галилео Галилейн телескопан гӀоьнца карийра, Ча такхийна тача дуккха а гӀийла седарчех лаьтташ хилар. Райт Томасан а, Кант Иммануилан а белхаш тӀехь йаздина, 1755 шеран трактатехь, тардалийтира, Галактика дуккха а гравитацин ницкъаша сацийна седарчех лаьтта хьийза дегӀ хилар, Маьлхан системехь лелар, амма йаккхийчу масштабашкахь. Галактикин чохь йолу тидаман меттигера (масала, вайн Маьлхан системехь), кхаьчна экъа буьйсенан стиглахь гур ду сирла аса санна. Канта шена хетарг элира, масала, буьйсенан стиглахь го цхьацца тачанаш, шеш лаьтта галактикаш хила мега аьлла.

M31 объект, Андромедин галактика. Мессьен сурт

XVIII бӀешеран чаккхенгахь Мессье Шарла чохь 109 къегина тача долу каталог хӀоттийра. Каталоган зорба тоьхначул тӀаьхьа 1924 шо кхаччалц къийсамаш лаьттира оцу тачанийн Ӏаламах.

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Кеп:Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Кеп:Гергара проекташ

Кеп:1000 Кеп:АХь Кеп:Седарчийн система Кеп:Галактикаш